МУ "Отдел Культуры Курчалоевского района"
Официальный сайт

Нохчийн меттан де

25.04.2020

Ассаламу ӏалайкум.Хӏора а шарахь, 25-чу апрелехь, даздеш ду Нохчийн меттан де. И даздаран а, и вайлахь даржоран а ӏалашо ю вайн тӏекхуьучу кегийрхойн Ненан матте болу безам кхиор а, чӏагӏбар а. Нохчийн меттан де билгалдар шен Указаца 2007-чу шарахь тӏечӏагӏдина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмадан Рамзан.Уггар хьалха , Лараме Ахьмадан Рамзан декъалво Нохчийн меттан дезачу денца! Ахь вайн меттан еш йолу терго, мотт кхиорехь, меттан сий дарехь мел беш болу болх вайн дерриге а халкъана гуш бу, цо цуьнан сий-ларам беш а бу. Ахь биначу балхах пайда а баьлла, зорбанехь а, телевиденехь а, радиохь а Нохчийн маттахь йолу куьйгаговзарш, передачаш алсамъевлла, уьш алсамйовларо кегийрхошна таро елла мотт бовза а, карлабаккха а, ӏамо а.Иштта, яздархойн таронаш а алсамъевлла вайн маттахь мехала дош ала а, дӏаяздан а, дӏадаржо а. Цу дерригенна а хьийзаш дерг Хьан беркат ду, тхан лараме Мехк-Да. Айхьа мел лелош дерг Дала меле дуьллийла Хьуна!Вайн республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (ДАЛА гIазот къобал дойла цуьнан), меттан хьокъехь олуш дара: «Нохчийн мотт ларар  а, цуьнан сий- пусар дар а, ша- шен ларар а, шен халкъ ларар  а ду». Нохчийн халкъ а, цуьнца цхьаьна нохчийн мотт а бахийтаран дуьхьа вайн Даймохко ӏаламат боккха мах дӏабелла.Ма йогӏийла хӏокху вайн исбаьхьа хазачу махка буьйцуш, хезаш нохчийн мотт а боцуш зама!Дала декъалдойла вай Нохчийн меттан дезачу денца!